Абат

Абат (желт.-шира.

ἀλφάβητος) — стандартийн хьаьркийн бух тӀиера йозан кеп. Абат чохь хьаьркаш — элпаш — билгалйоху меттан фонемаш, тӀаккха а цхьатерра аз ↔ элп хуьлу кӀезиг. Абат къаьста пиктографин (идеографин) йозанах, оцу йозанехь хьаьркаша билгалбоху кхетамаш (шумерин зайлан йоза), морфеман а, логографин а йозанаша хьаьркаш билгалйоху шешша морфемаш (цийн йоза) я дешнаш. Билгалъевлла иштта кепара абаташ:

  • Консонантан-вокалийн абаташ — элпаш билгалдоху мукъа аьзнаш а, мукъаза аьзнаш а;
  • Консонантан абаташ — элпаш билгалдоху деккъа мукъаза аьзнаш, мукъа аьзнаш билгалдахало леррина системан диакритикан хьаьркашца (азтохарца);
  • Дешдекъан абаташ — элпаша билгалдоху дийнна дешдакъош, цу тӀе цхьатерра мукъаза аз долу дешдакъош, амма мукъа аз тайп-тайпана долу, тарло билгадаккха гергарчу хьаьркашца (царах олу абугидаш, хӀиндин йозан тайпа), ткъа хила тарло чӀогӀа къаьсташ а (масала, кана); дуткъачу маьӀнехь абат лара а мегар дац.

Шеш йолчу фонемашна хьаьркаш лелоро атта до йоза, хьаьркийн барам охьабаккхар бахьнехь. Кхин а, абатера элпийн раж, алфавитан ражан бух бу.

Тайп-тайпанчу меттанийн фонетикан системийн чолхалла йоьзна ю абатийн барам цхьабосса ца хиларх. Гиннессан рекордийн жайница, уггаре дукха элпаш — 72 — кхмерийн меттан абатехь ду, уггаре кӀезиг — 12 (a, e, g, i, k, o, p, r, s, t, u, v) — Бугенвиль гӀайрен тӀиера (Папуа Керла Гвиней) ротокас меттан абатехь ду. Абатан уггаре шира элп «о» ду, иза хийца ца делла тӀаьхьарчу 3300 шарахь, тӀеэцна финикийн абатера.

Истори

Абат 
Таблица «ПБЭ»

Ширачу паччахьаллин юьххьехь (вайн эрал XXVII бӀешо хьалхара) мисархоша лелийна 24 аьзнийн иероглифаш. Амма абатан хьесап дина семийн къаьмнаш. Вайн эрал 2,5 эзар шо хьалха йозанчаша Эбла (хӀинцалера Тель-Мардих, Къилбаседа Шема) гӀалахь йира классификаци йира Месопотамера эцначу дешдекъан хьаьркийн зайлан йозанийн. И йоза лелош дара меттигера эблаитийн мотт а, месопотамера шумерийн мотт а дӀаязбеш. Хетарехь, зайлан йозан а, мисран йозан а зеделларг лелор бахьнехь, семигӀар вайн эрал 1,5 эзар шо хьалха кхоьллина иштта юьхьанцлера тайпана консонантан-дешдекъан йоза, цу чохь мукъаза аз билгалдоккху хьаьркаш яра (масала, w) муьлххачу мукъа азца цхьаьна (wa, wi, wu, тайпана дешдакъош дӀайаздеш зайлан йозанехь санна тайп-тайпана хьаьркашца ца йаздора, цхьаьнца йаздора.

Йозан хьаьркашна йукъа мукъа аьзнаш тоьхчи, кхоллаелира абат.

Уггаре ширачех ю Угарит гӀала-пачхьалкхан абат, иза йевза вайн эрал 1,5 эзар шо хьалха дуьйна. Хьаьркаш латтаран низам тера ду вайн эрал 1,1 эзар шо хьалхара малхбузасемийн абатачух: финикийн, ширажугтийн, кхин а. Лаьттайуккъера хӀордан малхбален берда тӀехь баьхна болу Финикихой, ширачу заманахь гӀарабевлла хӀордахой бара. Цара жигара йохк-эцар лелайора Лаьттайуккъера хӀордан гуонахьарачу пачхьалкхашца.

Финикийн абатах йаьлла грекийн а, арамейн а абаташ, царах хьост хилла дукхаха йолчу таханлерачу йозанашна: жимаазийн абаташ, иберийн йоза, нумидийн йоза, кхин а. Финикийн абатан элпаш латтаран низаман лар юьсу цунах евллачу абаташкахь; ша дош «абат» кхолладелла Ӏарбийн абатан хьалхарчу элпех алиф Ӏаьр. ‎‎

Финикийн абатах йаьлла грекийн а, арамейн а абаташ, царах хьост хилла дукхаха йолчу таханлерачу йозанашна: жимаазийн абаташ, иберийн йоза, нумидийн йоза, кхин а. Финикийн абатан элпаш латтаран низаман лар юьсу цунах евллачу абаташкахь; ша дош «абат» кхолладелла Ӏарбийн абатан хьалхарчу элпех алиф Ӏаьр. ‎‎ а, ба Ӏаьр. ‎‎ а, та Ӏаьр. ‎‎ а.

Къилбасемийн абат, тӀехулара тера хилла финикийнчух, схьайаьлла, схьагарехь, гипотезан финикийчуьнца йукъар дех; ткъа къилбасемийн йозан тӀаьхье ю хӀинцалера эфиопийн йоза.

Грекийн абат а, цунах евлларш а

Абат 
Шира йаздаран хатӀ долу шира йозанийн кепаш. йаззаман цӀе йазйина йац, 1728 шо

Вайн эрал 2—1 эзар хьалхара шерийн дозанера дуьйна (кхин а хьалхара хила а тарло) финикийн абат лаьтта 22 элпах, схьаэцна грекаша, цара хаъал хийцира иза, йира ширагрекийн абатах чекхъйаьлла система.

Вайн эрал I эзар шо хьаха Къилба Итали схьайаьккхинера грекаш. Цуьнан жамӀ хилира Италин тайп-тайпанан къаьмнашна грекийн йоза довзар. Грекийн абат мокеп хилира латинан а кхин италийн (иштта Ӏаткъам хилла этрусскин йозанан) абатийн. Руман империн муьрехь шуьйра даьржира латинан йоза а, мотт а. Цуьнан Ӏаткъам чӀагӀбелира Йуккъера бӀешерашкахь Европин дерриг къаьмнаш керсталла тӀеэцар бахьнехь. Латинан мотт хилира далла гӀуллакх даран мотт Малхбуза Европин ерриг пачхьалкхашкахь, ткъа латинан йоза — динан жайнаш йаздан магийна цхьаъ бен боцу мотт хилира.

Йуккъерачу бӀешерийн хьалхарчу шерашкахь дуьххьара дӀа я йукъараллин грекийн Ӏаткъамца кхоллало эрмалойн (Месроп Маштоц), гуьржийн, готийн (Ульфила хилар хета), шираславянийн глаголица а, кириллица а (Кирилл а, Мефодий а, церан дешархой а), кхин а абаташ, шайн цӀерийн а, хьаьркийн кепийн а низам ма-дарра я билгалчу хийцамашца йогӀу грекийчуьнца. Керла меттанаш дӀаязбан кхин дӀа йина абаташ йолуш йолчу абатийн бух тӀехь йира, уггаре хьалха латинан, кириллан йозанашца. Вайн эрал I эз. шо хьалха хиларан тешалла ду къилбаӀарбийн абаташ, иза хилира малхбузасемийн системан шира га. Хьалхара документашца вевза йозанан системийн говзанча ву Месроп Маштоц, цуо 406 шарахь Эдесса а, Самосата а гӀаланашкахь чекхбаьккхира эрмалойн абат яран болх.

Ӏарамийн абат а, цуьнан тӀаьхьенаш а

Вайн эрал I эз. шо хьалха финикийн абатах кхоллаеллачу Ӏарамийн абато юьхьиг йолийна Малхбузан дукхах долчу йозанийн. Малхбузера тайп-тайпана динаш а, пачхьалкхаш а, цаьрга терра тайп-тайпана йозанан гӀирсаш а, Ӏарамийн абатийн тӀаьхьенийн абаташ дукха сиха тоеш, хийцаелира ца йевзачу хьоле кхаччалц.

Цхьаьна версица, Ӏарамийн абатан коьрта тӀаьхьенаш ю:

  • брахми а, цунах схьаевлла вуно дукха (100 сов) ХӀиндин а, Къилба-Малхбален Азин а абаташ
  • кхароштхи (хӀиндин йозан кхиаран дӀакхаьчна даьлла га)
  • жугтийн абат
  • шеман йоза а, цуьнан дукха тӀаьхьенаш а, царна йукъахь монголийн йоза а
  • набатейн йоза а, цуьнан тӀаьхье — Ӏарбийн йоза а

ХӀиндин Ӏилманчашна йукъахь брахми йоза хӀиндера далар лору. Цхьаболу Ӏилманчаша цу тӀе тешаллин хӀоттайо хӀиндийн хьалхара йозан иэсаш (вайн эрал III—II эзар шо хьалха), Хараппа а, Мохенджо-Даро а гӀаланашкахь ахкарш деш карийна йолу (цхьаьна гипотезица, ХӀин хин тогӀенан йоза, брахми санна, абатан-дешдекъан йоза ду).

Элпийн цӀераш

ХӀора а йевзачу абатан системашкахь массо а элпан шен цӀе ю. Элпийн цӀераш гергарчу системашкахь, цхьаьна системера кхин система еш, схьаоьцуца хуьйцу, масала малхбузасемера грекийн система еш. Элпийн цӀераш дукхахчу семийн ламасташца, угаритийн доцург (дагахь латто атта хилийтархьама), кхоьллира цхьаьна хӀуман цӀерех, цхьа фонемица долалуш долу («алеф» ‘бугӀа’, «бет» ‘цӀа’, иштта кхин дӀа а).

Терхьаш билгалдоху элпаш

Йевзаш йолу ширачу абатийн хьаьркаш, масала угаритийн, ца лелайора терахьаш билгалдохуш. ТӀаьхьуо, вайн эрал 1 эзар шо хьалха, малхбузасемийн абаташкахь грекийн абатехь абатан низамера хьалхара элп [масала, грек. α (альфа)] хила тарло терхьан хьаьрк ноль дӀайаьллачул тӀаьхьарчу терхьан (аьлчи а «α» билгалдаккхара терахь 1), шолгӀа — шолгӀаниг («β» билгалдаккхара терахь 2), иштта кхин а. И принцип Ӏалашдира грекийн кепаца бух болчу дуккхачу системашкахь, масала, шираславянийн а, шираоьрсийн а. Элпан кеп хийцарх цуьнан абатан низамера меттиг Ӏалашйо, цундела абатийн истори Ӏамош терахьаш билгалдахар доккха маьӀна долуш ду.

Абатийн исписка

Авторш, абаташ кхоьллина хан

  • Готтийн абат — Мёзера епископ Вульфилас, IV бӀешеран йукъ.
  • Эрмалойн абат — Месроп Маштоц, 405 шо.
  • Гуьржийн абат — уггаре шуьйра йаьржира дуьненан историн Ӏилманехь, VVII бӀешерашкахь эрмалойн бух тӀехь яр го Ӏилманчашна, цара дийцарехь дуьххьарлера гуьржийн йоза — мргвловани — кхоьллинарг ву Месроп Маштоц (405 шарахь эрмалойн абат коьллинарг). Гуьржийн историкаш, дукхаха болчара, гуьржийн абат Месропа Маштоцал хьалха коьллина ю боху.
  • Кириллица — Кирилл а, Мефодий а, 863 шо.
  • Шираперман абат — Стефан Пермски, 1372 шо.
  • Хангыль (корейн йоза) — Седжон Сийлахь-Воккха, 1444 шо.
  • Вьетнаман абат — Александр де Род, 1624 шо гергга.

Хьажа иштта

Билгалдахарш

Литература

  • Гамкрелидзе Т. В. Происхождение и типология абатной системы письма // Вопросы языкознания. 1988. № 5-6.
  • Дирингер Д. Абат. М., 1963.
  • Йейтс Фрэнсис. Ренессансные «Наглядные абаты» Архивйина 2010-02-21 — Wayback Machine // Йейтс Фр. Искусство памяти. СПб, 1997
  • Лундин А. Г. О происхождении абата // Вестник древней истории. 1982. № 2.
  • The World’s Writing Systems / Eds. Daniels P.T., Bright W. N.Y., 1996.

Хьажоргаш

Tags:

Абат ИсториАбат Элпийн цӀерашАбат Терхьаш билгалдоху элпашАбат ийн испискаАбат Авторш, абаташ кхоьллина ханАбат Хьажа ишттаАбат БилгалдахаршАбат ЛитератураАбат ХьажоргашАбатЖелтойн шира моттЙозаЦийн йоза

🔥 Trending searches on Wiki Нохчийн:

Ермекееван кӀоштКриштиану РоналдуАлфёрова, Ирина ИвановнаМаьрша гӀирсашКовгариФранциДуров ПавелМитаркаЯкутийн моттФатӀимат бинт Асад14 мартКехатАбсолютизмДахкильгов, Ибрагим АбдурахмановичБоснийхойТелефонБиблиАристотельIOS 17ПетарбухКъилба КорейГдув.museumДжеймстаун (Калифорни)ШолгӀа дуьненан тӀомСийлахь-Боккха Даймехкан тӀомПопки (Польша)Сулейман IДерригдуьненан могушалла Ӏалашйаран организациЛаосДудагӀеран Мусан-воӀ ЖовхӀарБашкирийн моттБисултанов, Апти ДибаевичГжегож (Куявско-Поморскан воеводалла)МархашОсакаГаусс, Карл ФридрихИранНохчийчоьНеджип Фазил (Султанбейли)Эйзенштейн, Сергей МихайловичМежиева, Макка ШахидовнаБетенАйдамиров, Абузар АбдулхакимовичКремияЧёлмужиГуьржийчоьХӀиндонезиКадыров, Рамзан АхматовичЯпонийн моттДухьаЛаздуны 1ГӀалгӀайн мотт(3171) WangshouguanЛошанцыНеркин АндПортугалихойАмбарли (Авджилар)ЗаюковоВикимедин фондФольклорУстроне-МорскеВикипедиНенан мотт🡆 More